Х1ор шарахь вайн республикехь д1ахьочу баккхийчех цхьа хилам бу IIV Йерригроссин «Федерация» ц1е йолу къаьмнийн театрийн фестиваль.
96 театральни сезон а, иштта IIV театральни фестиваль схьайиллира Ахмадов Мусан пьеси т1ехь х1оттийначу «Берзан ц1ога» спектакалца. Иза цуьнан шоллаг1а х1оттор ду. Ахмадов Мусан кхолларалла йезачарна боккха кхаъ хилира воккхачу драматурган исбаьхьаллин даше ладог1а йиш хилар.
Пьесин хьалхара х1оттор комедийни хиллехь а, шоллаг1а х1оттор коьртачу режиссеро Ахмадова Хьавас драматурго шен пьесехь х1оттийна хиллачу 1алашоне гергайалийра иза.
Ахмадов Мусан пьесин 1алашо – хьарамчу, къахьегар доцуш, аттачу некъаца даьккхинчу рицкъано стаг чуьра дуьйна вохош, галвоккхуш хилар гайта. Ишттачу рицкъанна т1ехь гулбинчу бахамо стаг ирсе ца во, хьарамлоно вуу иза – ойла а, дуьнене хьежам а харцахьабоккхуш. Адам адамаллех воккху некъ, психологически деградаци гойту Мусас шен турпалхочун Исрапилан вастехь. Исрапилан вастан синдакъазалла гайта пох1ма кхечира НР халкъан артистан Халиков Ризванан. Шен турпалхочух д1аийна, цуьнан кескашка декъаделла чоьхьара дуьне, трагизм гайта ницкъ кхечира Ризванан. Адамах адам деш, экханах иза къастош йолу йеза синмехаллаш д1атосу Исрапила, эххар ша цкъа йийначу берзан амале а воьрзий. Спектаклан финалехь вайна го Исрапилан синтрансформаци. Иза ахчанан, хьал-бахаман, харцнехан лай хуьлу.
Пьесехь йолу психологизм, фантасмогори 1орайаьккхина гайта ницкъ кхаьчна режиссеран Ахмадова Хьаван. Спектаклехь йолчу декорацеша шатайпанчу символийн аз доцучу маттахь къамел до, х1ор элементо пьесин психологин х1оттам а гойтуш. Лаккхара пох1ма долчу художникан, философан Пашаев Абун шатайпа хьежам, драматургин к1оргалла, актерийн пох1ма, режиссеро лаккхарчу корматаллица цхьаьнатоьхна, пьесина шолг1а дахар делира. Пьесин турпалхойн васташ ма-дарра ловза пох1ма кхаьчна актерийн ц1ераш йаха лаьа:
ИСРАПИЛ – Халиков Ризван
САНЕТ – Исрапилова Алина
ВАЗРАИЛ – Зубайраев 1успан, Вахидов Бай-1ела
МАХЬА –Халиков Зелимхан
БЕКЕХЬАТ – Нахарбекова Мелисса
БIАГIОР – Гацаев 1ела
ЗАВАЛУ – Ибрагимов 1ела
ЖАРМАН – Индербиева 1айшат
ЖИМА СТАГ – Закриев Шамиль
ШИ КIАНТ – Мамаев Хьамзат, Тавсултанов Асланбек
МУБАРИК – Масарова Зухра
ВЕВЗАШВОЦУРГ – Усманов Абубакар
ЗАЬ1АПХО – Бакаев Билал
Хьовсархоша лаккхара мах хадош т1еийцира спектакль.
Алиева Зарина